
Лераме Аймани Несиевна! Дешаран Департаментам белхалойн ц1арах даггара декъалйо хьо йинчу Денца!
Бакъ йолчу Нохчийн зудчун масала хилла д1ахьоьттина ю хьо.
Дуьненна а г1араваьлла волу вайн сийлахь паччахь Рамзан Ахматович Кадыров кхиийна йолу нана, ишттачу боккхачу ларамций бен хуьлийла а дац.
Г1ийлачуьнга а, цомгашчуьнга а хьажар, цуьнан терго яр а, вайн Нохчийчохь а, цул арахьа а мел дохуш долу саг1анаш а Дала шен дуьхьа дойла хьан!
Дала дахарехь керла кхиамаш хуьлуш, дика бен, шайн доьзалан вон ца гуш, могуш-маьрша ехийла хьо а, хьан доьзал а!