
Кхушарахь итт шо кхочу шен омрица иза билгалдина.
Доккха маь1на ду, цо шен терго ненан маттана т1еерзор, х1унда аьлча, шен маттаца г1иллакх-оьздангаллица бен нислур яц къоман т1аьхье нийсачу новкъа. И къона т1аьхье ма ю вайн мехкан кхане.
Тахана дешаран а, 1илманан а Министерствон актови зал чохь д1аяьхьира «Нохчийн мотт хьехаран проблемаш: керла 1аматаш а, керла федеральни пачхьалкхан дешаран стандарташ а» ц1е йолу семинар. Семинарехь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин дешар кхиоран Институтан белхалой а, тоьлла болу метта1илманчаш а, методисташ, нохчийн меттан а, литературин а хьехархой а.
1аматаш карлайохуш шаьш биначу балхах лаьцна дуьйцуш семинарехь коьрта доклад йира филологин 1илманийн доктора, масех нохчийн меттан 1аматан соавтор волчу Овхадов Мусас.
Г1алаташ д1адохуш а, 1аматаш керла федеральни дешаран стандарташца нисъеш а биначу балхах дийцира Нохчийн Республикин дешар кхиоран Институтан лакхара 1илманан белхалочо Абдулкадырова Раисас.
Семинаран декъашхочо Джамиева Сахьабат хаам бира методически пособиш х1отторах лаьцна, ткъа Вакаева Тумишас – белхан тетрадаш вовшахтохарх. Вуно мехала къамелаш дира семинарехь вайн республикин 1илман къаночо, филологин 1илманийн доктора Тимаев Вахас а, нохчийн а, юкъара а филологин Институтан куьйгалхочо, пкедагогически 1илманийн доктора Арсалиев Шавадис а, Нохчийн Республикин дешар кхиоран Институтан тоьлла 1илманан белхалочо Яндарбиев Хьамзата а, цхьамог1а кхечу накъосташа а.