Нохчийн меттан к1ира д1адахьарна лерина Грозный-г1алин 37 школехь Чамаева Ф.А. д1аяьхьира 10 "А" классехь нохчийн литературан урок "Мохьмад Мамакаевн кхолларалла а, поэзи а"
Урокехь керлачу стандарташца йолчу технологех пайдаийцира хьехархочо, тобанашца белхаш бира,йовзийтира яздархочун поэзи, проза. Х1оттийра Даймахках лаьцна дийцарш, далийра кицанаш. Кхечу урокаца з1е тосуш, бовзийтира Даймахках лаьцна байташ язъина оьрсийн классикаш. Хануева Айнаа д1адаьхьира 1-8 дешархошна юкъахь байташ йийцаран къовсадалар "Бекалахь,нохчийн мотт". Дешархоша къастош, дагах хьакхалуш йийцира нохчийн яздархойн байташ.