Грозный-Г1аларчу 6-чу школан нохчийн меттан хьехархо ю Абаева Берлант Ихвановна

L10

         Грозный-Г1аларчу 6-чу школан нохчийн меттан хьехархо ю Абаева Берлант Ихвановна. Берлант Ихвановна шен балха т1ехь говза хьехархо ю, ша-тайпа башха хуьлу цуьнан х1ора а урок. Боккхачу лаамца боьлха дешархой цуьнан уроке.Х1ора берана шен-шена т1ебоьду некъ карабо цунна. Берашна дукха а еза, цара лара а лору иза. Берлантан лаккхара ларам бу хьехархошна юкъахь а. Иза кийча ю шегара г1о эшначохь муьлхачунна а г1о дан а, хьехар дала а.