Дуккха а шерашкахь хьанала, мало йоцуш, лаккхарчу говзаллица къахьоьгуш ю Микаилан Пет1мат

L2

       Дуккха а шерашкахь хьанала, мало йоцуш, лаккхарчу говзаллица къахьоьгуш ю Микаилан Пет1мат. Хьехархо боху йоккха ц1е лелорал сов, шена т1ехь доккха жоьпалла дуйла хаьа Пет1аматана. Цуьнан муьлхха а урок йиллина ю. Цо шен урокашкахь дешархой дахар довза а, меттан говзанчаш хила а 1амабо. Белхан накъосташа даггара декъалйо Пет1мат Нохчийн меттан Денца! Дала, хьуна санна, и нохчийн мотт беза а, цуьнан сий дан а хьекъал, кхетам лойла х1окху махкахь мел вехачунна.