Хьоме махкахой! Ас даггара декъала до шу нохчийн меттан Денца!

L27

        Хьоме махкахой! Ас даггара декъала до шу нохчийн меттан Денца! Къоман уггаре коьрта билгало - мотт бу. Нохчийн Маттаца схьакхачийна вайга вайн дайн-наноша халкъан ирс, амал, г1иллакхаш. Къомо шен мотт хьалаайбар-цо шен синкхетам самабаккхар ду. НР куьйгалхочо Р. Кадыровс шен Указца «Нохчийн меттан Де» д1акхайкхийна апрель беттан 25-г1а де. Оцу Указца цо гайтина шен матте болу ларам.  Дала баккхийра кхиамаш лойла ненан мотт 1аморехь а, баржорехь а къахьоьгучарна! Дала т1аьхье беркате йойла!