Тахана Соьлжа-Г1алин дешаран Департаментехь Нохчийн меттан Де даздаран гура чохь д1адаьхьира вайн къоман яздархойн произведенеш гойтуш г1алахь д1абаьхьначу «Сан мотт - сан дозалла!» - ц1е йолчу къовсаман толам баьккхина тобанаш билгалйохуш, даздар.
Конкурсан 1алашо яра дешархой г1иллакх-оьздангаллин бух т1ехь кхетош-кхиор, нохчийн матте болу безам алсамбаккхар, кхоллараллин похьма долу бераш билгалбахар.
Цу мероприятехь дакъа лоцуш вара Соьлжа-Г1алин Мэран г1оьнча волу Хажмурадов Хаважи. Ша вист хуьлуш цо билгалдаьккхира вайн ненан мотт 1амор а, баржор а коьрта г1уллакх хилар, цо бен таро лург ца хиларх вайн мотт ларбан а, вайн ламастийн хазна 1алашъян а.
Толамхой билгалбехира грамотан совг1аташца а, ахчанца а:
I - ра меттиг Соьлжа – Г1алара № 17 – йолчу юккъерчу, юкъардешаран школан тобанна;
II – г1а меттиг Соьлжа – Г1алара № 10 – йолчу юккъерчу, юкъардешаран школан тобанна;
III - г1а меттиг Соьлжа – Г1алара № 54 – йолчу юккъерчу, юкъардешаран школан тобанна.
Дала т1аьхье беркате йойла вайн