
Грозный-г1алин Мэрин Дешаран Департаментан методически декъан планаца йог1уш йолуш, 2019-чу шеран январь беттан 19-чу дийнахь Грозный г1алин №48 йолчу ишколехь д1аяьхьира 4-чу классашкахь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш болчу хьехархошна РТБ кечамбарехь г1одарна лерина йолу практически семинар.
1алашо: 4 классехь хьоьхуш болчу нохчийн меттан хьехархошна РТБ-на кечамбарах лаьцна болу методически хьехамаш; нохчийн меттан жам1ан белхаш бийцаре бар, белхан тетрадех пайдаэцар; керланиг довзийтарехь мастер-класс, хьехархойн вовшех дагабовлар.
Семинарехь дакъалецира 109 хьехархочо. Семинар д1айолош хьалхара дош ийцира нохчийн меттан хьехархойн методист йолчу Чемирзаева Я.С. Цо шен къамелехь дийцаре дира РТБ-на кечамбарехь бан безачу балхах лаьцна, керла арахецначу книгех пайдаэцар муха д1адахьа деза. Билгалдаьккхира, хьехархой шайн хаарш совдахарехь денна болх бан безаш хилар.

Грозный-г1алин нохчийн меттан хьехархойн методически цхьаьнакхетараллин куьйгалхо йолчу Исакова Б.Н. дийцира 2018-2019-чу дешаран шарахь РТБ шолг1а дакъа кхочушдаран алгоритмах лаьцна. 2-чу декъана кечам беш текстаца бен болх эвсаре баккха безаш хилар а, йовзийтира талламан белхан вариантан цхьаьнатоьхна коьчал.
Грозный-г1алин №4 йолчу гимназин нохчийн меттан, литературин хьехархо йолчу Хунарикова П.А. дийцира, ша авторан дакъашхо хиларе терра, РТБ-н чулацамах а, структурах а, жам1даран критерех а лаьцна.
Грозный-г1алин №2 йолчу гимназин нохчийн меттан, литературин хьехархо, эксперт йолчу Абулханова Аза Ахметовнас довзийтира РТБ-на 1 дакъа кхочушдаран некъаш а, меттан 1илманан дакъош карладаха дезаш хилар а.
«РТБ-на кечам барехь керлачу технологих пайдаэцар» (Билгалдашах 1амийнарг карладаккхар) темина лерина мастер-класс гайтира Абаева Б.И., Грозный-г1алин № 6 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан нохчийн меттан, литературин хьехархо йолчу.
Семинаран болх дика, методически нийса долчунна т1ехь чекхбелира. Семинаран белхан мах хадош баркаллин дашца йистхилира Эжаева Р. (№4 йолчу Гимназин хьехархо). Цо билгалдира юьхьаьнцарчу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш болчу хьехархошна ч1ог1а мехала а, пайден а хилар семинарехь д1