Тахана, 18-чу апрелехь, Нохчийн Меттан Де даздарна леринчу Соьлжа-Г1алин юккъерчу юкъарадешаран 8 йолчу хьукматехь д1аяьхьина нохчийн меттан а, литературан а семинар. Тема "Нохчийн меттан а, литературан а хьехарсахьташкахь юкъара культуран компетенци кхиор". Семинарехь йиллинчу урокашкахь гайтира:
"Бексултанов М. " Некълацар", 6 кл. (Газимова Л.У.);
"Куцдош карладаккхар", 7 кл. (хьехархо Исакова Б.Н.);
"Хандешан яхана хан", 6 кл. (хьехархо Абдуразакова Ш.Н.);
Хамидов 1-Хь. "Д1а-коч, схьа-коч", 8 кл. (хьехархо Зулкарнаева Р.М.);
Рашидов Шах1ид "Ден весет", 7 кл. (хьехархо Саралиева Х.А.);
Ш.Арсанукаев "Ненан мотт", 3 кл. (хьехархо Таймасханова М.С-Э.).