Чолхе ду адамийн дахар,и ерриге а халонаш 1овшуш чекхволу вайх х1ора а.
Бераллера д1айолало дуьххьара г1улчаш,кхиа долало дахаран синтар. Ц1еначу дог-ойланца кхийда и малхе,массарна а даржийна шен комаьршаллин ц1ена т1амарш.
Амма дуьненчохь нисло цхьацца аг1онаш , делхош ц1ена дегнаш ,лазадеш дахаран марг1алш. Цо гал-марзах йоху сирла ойланаш,шелйо деган б1аьсте,1овжайо исбаьхьа бералла .
Х1ай адамаш! Шу ду берийн дегнийн лоьраш. Ма лацийта экамечу дегнаш т1е моьнаш, самсаяха оьздангаллин бошмаш,тоде церан дегнаш т1е доьлху ирсан некъаш,сирлаяха синмехаллийн ойланаш !
Хасаров Рамзан Шараниевич, 26.03.2017 г.