Мунашева Седа Руслановна. Грозный-Г1аларчу № 28"-йолчу школера, нохчийн меттан хьехархо ю.

У5


           Мунашева Седа Руслановнас дешна нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь, филилогин факультетехь. Иза кхиамца чекхъяькххина 2011-чу шарахь. Итт шо ду Седа Руслановна школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш йолу. Институтехь йолуш дуьйна билгал йолу иза адамаш дезаш, царна диканиг хьеха лууш хиларца. Цундела и евзачара тамаш а ца бира, институтехь доьшуш йоллушехь цо хьехархочун болх болийча.
          2006-чу шарахь дуьйна 28-чу школехь болх беш ю Мунашева Седа Руслановна. Жимчохь дуьйна шен дахар доьзна цо нохчийн маттаца. Ша кхоа ца еш къахьегар бахьана долуш, шеца болх бечу белхалойн а, дешархойн а лаккхарчу сийлалле кхаьчна иза.