
Мусаева Раиса Саидовна - нохчийн меттан а, литературан а хьехархо. Йина 1969-чу шарахь Хьалха-Мартан к1оштан Мартан-Чу ц1е йолчу юьртахь. Юьртара школа чекхъяьккхина, дешна Н Г К Х И, 1991-1996 шерашкахь, Мартанчуьра юкъардешаран школехь нохчийн меттан хьехархочун болх беш, д1аболабелла къинхьегаман некъ. 1991-1996 шш. Соьлжа-Г1аларчу- 32 юкъардешаран школехь болх бина. 1996 ш. дуьйна таханлерчу хене кхаччалц болх беш ю Соьлжа-Г1аларчу -48 йолчу юкъардешаран школехь (МБОУ "СОШ 48"). Нохчийн мотт а, литература а, хьехар а, дешархойн цуьнга марзо кхиор а шен декхар хеташ схьайог1у иза.