Грозный-Г1аларчу Ахьмад-Хьаьжа Кадыровн ц1арахчу /1-йолчу гимназехь д1аяьхьира Нохчийн меттан Денна лерина "ФГОС ООО хьелашкахь нохчийн меттан а, литературан а урокашкахь суртх1отторан г1ирсех пайдаэцар"-тема йолу семинар

L 19

      Грозный-Г1аларчу Ахьмад-Хьаьжа Кадыровн ц1арахчу /1-йолчу гимназехь д1аяьхьира Нохчийн меттан Денна лерина "ФГОС ООО хьелашкахь нохчийн меттан а, литературан а урокашкахь суртх1отторан г1ирсех пайдаэцар"-тема йолу семинар. "Нохчийн меттан Де" х1ора шарахь, вайн дахаран абаде кхаччалц даздан, мотт ларбан, ларар,сийдар, марзбар, кхио лерина, дешархой г1иллакх-оьздангаллин бух т1ехь кхетош-кхио 1алашонца. Билгалдаьккхинарг Нохчийчоьнан куьйгалхо Рамзан Кадыров хилар ч1аг1дар (д1акхайкхор).
Семинаре кхайкхина бара хьеший. 
       Гимназин хьехархоша гайтира: -нохчийн литературан урок "Хьуьнан акхарой б1аьста" (3 "Е" кл., хьехархо Миназаева Л.Н.);
      - классал арахьара сахьт "Ларбе мотт, хазбе и..." (4 "Б" кл.,хьехархо Сатабаева Л.М.); -нохчийн меттан урок "Сочинени - ойлаяр язъярна кечам бар" (9 "В" кл. хьехархо Жимаева М.Ш.);
     - Нохчийн меттан урок "Хандешан йог1у хан" (6 "А"кл. хьехархо Мужаидова А. С.А.); - нохчийн меттан интегрированни урок " Меттан исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш" (6 "В" кл. хьехархой Тарамова А.Н., Юсупова Л. С.А.); - классал арахьара мероприяти "Къам ца кхиъча-мотт ца кхуьу, матто кхуллу Даймохк а" (хьехархой Эльмуратова З.Э., Зелимханова М.В., Мужаидова З.Х.). Баьхкинчу хьешаша а лаккхара мах хадийра цу урокийн а, мероприятийн а. Дукха довха дешнаш элира семинар кечъйиначарна а, декъашхошна а.