
Лераме Аймани Несиевна! Ас даггара декъалйо хьо сирлачу дезачу - Нохчийн зудчун Денца! Бакъ йолчу Нохчийн зудчун масала хилла д1ахьоьттина ю хьо. Дуьненна а г1араваьлла волу вайн сийлахь паччахь Рамзан Ахматович Кадыров кхиийна йолу нана, ишттачу боккхачу ларамций бен хуьлийла а дац. Хьан къинхетаме дог, хьекъале дош - уьш жовх1арш ду даимна а хьан гергарчарна. Мел хала киртиг т1ех1оттарх доьналлица чекхйолуш кхиийна ахь хаза, оьзда хьайн доьзал. Иштта декъала ян лаара массо а Нохчийн зуда! Дала дахарехь керла кхиамаш хуьлуш, дика бен, шайн доьзалан вон ца гуш, могаш-маьрша дехийла шу а, шун доьзал а!