Нохчийн зудчун Денца декъалдар

IMG 20140921 211806

Лераме Аймани Несиевна! Ас даггара декъалйо хьо сирлачу дезачу -  Нохчийн зудчун Денца! Бакъ йолчу Нохчийн зудчун масала хилла д1ахьоьттина ю хьо. Дуьненна а г1араваьлла волу  вайн сийлахь паччахь Рамзан Ахматович Кадыров кхиийна йолу нана,  ишттачу боккхачу ларамций бен хуьлийла а дац. Хьан къинхетаме дог,  хьекъале дош -  уьш жовх1арш ду даимна а хьан гергарчарна. Мел хала киртиг т1ех1оттарх доьналлица чекхйолуш кхиийна ахь хаза, оьзда  хьайн доьзал. Иштта  декъала ян лаара  массо а Нохчийн зуда! Дала дахарехь керла кхиамаш хуьлуш, дика бен, шайн доьзалан вон ца гуш, могаш-маьрша дехийла шу  а, шун доьзал а!