Соьлжа - Г1алин хьехархой, йижарий,наной Нохчийн зудчун Денца декъалбар

IMG 20140921 212924
Тхан хьоме Соьлжа-Г1алин хьехархой, наной, йижарий! Ас даггара декъалдо шу Нохчийн зудчун Денца! Дукха хенахь дуьйна шен доьзалан кхерч ларбеш схьаеъна ю нохчийн зуда. Б1ешерашкахь вайн дайша дитинчу 1адаташца, маьршачу а, т1еман а хенашкахь т1ейог1учу хазачу кханене сатуьйсуш шен доьзал кхиорца схьайог1у иза. Г1арабевллачу поэташа а, яздархоша а масаллица гайтина цуьнан васт шайн произведенешкахь. Лараме тхан йижарий! Дала шайн доьзал иманчохь кхуьуш, цуьнан вон ца гуш, могаш-маьрша дехийла шу!