Курсы для молодых учителей чеченского языка

IMG 6972

Соьлжа -Г1алин мэрин дешаран Департаменто НПХьГЛИ-ца цхьаьна д1ахьош ю къоначу хьехархошна г1о дарна лерина йолу курсаш. Уьш д1ахьош г1о деш бу нохчийн меттан тоьлла хьехархой: Чемирзаева Яха, Хамзатханова Милана, иштта кхин берш а. Оцу курсашкахь хьошалг1ахь яра Нохчийн Пачхьалкхан Хьехархойн Университетан  нохчийн меттан кафедран куьйгалхо, филологин 1илманан доктор, профессор Новразова Хьава Бокуевна.

Таханлерачу дийнахь хьехархошна хьалха лаьттачу декхарех лаьцна а, керлачу стандартех лаьцна а, х1инцалерачу керлачу урокех лаьцна а дийцира цо. Керлачу стандарташца йог1уш керла арахеца кечйинчу учебниках лаьцна а дийцира Хьавас. Бовзийтира учебникан авторш: Овхадов М.Р., Солтаханов И.  Шен къамел дерзош, Хьава Бокуевнас  нохчийн меттан хьехархой  кхайкхира шаьш долчу хьошалг1а, 12-чу апрелехь хин йолчу семинаре. Билгалдаьккхира къоначу хьехархошна иштта  д1ахьош болу болх ч1ог1а мехала хилар.