Нохчийн меттан Денна лерина практически семинар

IMG 9567

           25-чу апрелехь № 47-йолчу юккъерчу юкъарадешаран школехь д1аяьхьира нохчийн меттан Денна лерина практически семинар. Семинаран тема "Нохчийн меттан урокашкахь керлачу технологех пайдаэцар".

           Семинаран 1алашо:

           1. Керлачу технологех пайда оьцуш, хьехархойн хаарш совдахархьама, кхуллуш долу хьелаш.

           2. Хьехархошна методически приемаш йовзийтар, царех пайдаэцарехь нохчийн матте болу безам кхиор.

           Семинарехь бара Соьлжа-Г1алин школашкара нохчийн меттан хьехархой.