6 апреля 2015 г. Указом Президента Российской Федерации В.В. Путина городу Грозному присвоено почетное звание «Город воинской славы». Это событие стало подлинным народным праздником.
Нохчийн Меттан Де даздарна леринчу Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан хьесапца цхьаьна дог1уш а долуш, «Нохчийн меттан тоьлла чоь» ц1е йолу Республикан къовсадалар д1адаьхьира Соьлжа-Г1алин юккъерчу юкъарадешаран хьукматашкахь 1-чу апрелехь.
Къовсадалар д1адахьаран 1алашо яра Соьлжа-Г1алин юккъерчу юкъарадешаран хьукматашкахь нохчийн мотт хьехаран хьелаш муха ду хьажар, нохчийн меттан хьехархоша шаьш шайн хаарш совдахарна т1ехь беш болу болх керлачу технологин г1ирсех пайдаоьцуш д1ахьуш хилар, нохчийн меттан сий-пусар дар, цуьнга болу безам кхиор.
Къовсадаларехь дакъалецира Соьлжа-Г1алин юккъерчу юкъарадешаран барх1 хьукмато: №1 йолу гимнази, № 5, 16, 39, 42, 47, 57, 91 йолу хьукматаша.
Экспертни тоба, шайца цхьаьна Соьлжа-Г1алин мэрин Дешаран Департаментан методически декъан куьйгалхо йолу Ибрагимова Мадина, нохчийн меттан методист йолу Чемирзаева Яха, шайн балха т1ехь зеделларг долу нохчийн меттан хьехархой-Алиханова М.А., Исакова Б.Н., Хамзатханова М.Х., Хачукаева К.С., Хунарикова З.Х. йолуш, хьалхарчу апрелехь хьаьвсира лакхахь билгалъяьхначу дешаран хьукматашка.
Шаьш бинчу белхан жам1аш дира экспертни тобано:
1-ра меттиг-№ 47 йолу юккъера юкъарадешаран хьукмат, нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Бектамирова А.Н.
2-г1а меттиг-№ 1 йолу гимнази, нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Юсупова Л.С-А.
3-г1а меттиг-№ 39 йолу юккъера юкъарадешаран хьукмат, нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Гакаева Л.Л.
Экспертни тобано билгалдаьккхира, тоьллачарех йолу кабинеташ дешарна, д1ахьехарна, могашалла ларъярна мел оьшу хьелаш долуш хилар, Респудликан къовсамехь дакъалаца хьакъ долуш хилар.
Кхузахь ала дог1у, № 47 йолчу хьукматан нохчийн меттан хьехархочо Бектамирова Асет Нохаевнас шен балха т1ехь пайдаоьцуш мел болу г1ирс шен куьйга, ша кечбина, ша лехна, ша теллина хилар, шен болх бевзаш, безаш и хилар.
В соответствии с распоряжениями Председателя Правительства ЧР Р.С.-Х. Эдельгериева и Мэра г. Грозного М.М. Хучиева сотрудники Департамента образования Мэрии г. Грозного и общеобразовательных учреждений города приняли активное участие в масштабно м субботнике по очистке дворов, прилегающих территорий и закрепленных участков от мусора и сухостоя. Побелены деревья и покрашены бордюры. Хочу поблагодарить всех участников субботника за ваш труд на благо нашей столицы. Все участники поработали на славу.